Сан Даймохк

Страницы: 1 | 2 | 3  >  >>

Нохчийн литература
Тема: " Сан даймохк" (Аг1о25-26)
1алашо: дийцар "Сан Даймохк" довзийтар ; нийса а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор ; Ойлаяр , тидам бар кхиор. Даймахке безам кхоллар.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур учебникан керла дакъа довза ; берашна хуур ду гергарчу хьесапехь цу декъехь шайн кхиамаш бовза , декъана план х1отто. Берашна 1емар ду нийса , шера дийцаран тексташ еша.
Урок д1аяхьар.
Ц1ера болх таллар.
-Бераша схьайуьйцу Э. Мамакаевн "Гуьйренан суьрташ" стихотворени.
2. Учебникан керла дакъа довзийтар.
а) Хьехархочо З. Сергановас язйина "Даймохк" д1айоьшу байт.

Де дине мел долу
Хьо хазлуш лаьтта.
Ма ирсе ю-кха со,
Дай баьхна латта!

Хьан турпал хиларо
Дог ловзадоху,
Хьан лаьмнийн хазалло
Б1аьрг серлабоху.

Хьан дайша лардинчу
Г1иллакхо хьоьху.
Сан даг чохь хьо цхьаъ бу,
Кхиниг ца оьшу.

-Стенах лаьцна б байт ? (Даймахках)
-Х1ун ю Даймохк? (Берийн жоьпаш)
-Муьлханиг бу шун Даймохк ? ( Нохчийчоь)
-Муха хета яздархочунна шен Даймохк? ( Иза ваккхийвуь Даймахках)
-Муьлха дог- ойла цуьнан ? ( Иза самукъане ю ша кху махкахь йина , кхиъна)
-Шуна безий шайн Даймохк ? Х1ун хаьа шуна шайн Даймахках лаьцна?
-Д1аделла учебникан 25 - г1а дакъа.
Д1аеша вай долш долчу декъан ц1е ? (1алам лардар- иза Даймохк ларбар ду")
-Стенах лаьцна хир ду и дакъа ? (Даймахках , 1аламах)
-Хьан аьлла и дешнаш ? ( М. Пришвина)
-Мила в М. Пришвин?
-Муьлха произведенеш 1амор ю вай и дакъа толлуш?
" Сан Даймохк" , "Эвлахь" Р. Ахматова, " Бен" Хь. Хасаев, " Асвадан адамалла" Хь. Саракаев , " Экскурси" 1 . Гайсултанов, "Бох

Страницы: 1 | 2 | 3  >  >>
Рейтинг
Оцени!
Поделись конспектом: