къамел дар.
-Хьенан ц1арах язйина ю х1ара произведени? (Яздархочун ц1арах язйина ю)
-Х1ун хии шуна яздархочун бераллех лаьцна? (Берийн жоьпаш)
-Д1аеша яздархочо талларх лаьцна язйина меттиг. Х1ун маь1на дара цуьнан "талларан"? (Цуьнан таллар керланиг лахар , хаар дара)
-Шен къоначу доттаг1ошна х1ун хьехамаш бо яздархочо? (Вай вешан 1аламн дай ду. иза вайн дахаран хазна ю. И ларъярх тоам бан ца оьшу, уьш гучуяха , гайта еза. Ч1ерашна ц1ена хи деза- лардер вай хиш. дийнаташ ду - ларъер вай хьаннаш, Ч1ерана - хи, олхазарна- х1аваъ,экхана хьун, лаьмнаш дееза. Адамашна Даймохк оьшу" -боху яздархочо)
-" 1алам лардар- иза Даймохк ларбар ду" бохучух муха кхета шу?
-Аша х1ун дийр дара 1алам лардан? (Берийн жоьпаш)
в) Бераша шаьш-шайна д1адоьшу дийцар.
7) Суьрташ дахка.
1-ра тоба "1алам бехделча"
2-г1а тоба "Ц1ена 1алам"
5. Рефлекси.
-Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун диси данза? Х1ун ду шуна керла 1еминарг?
6. Жам1 дар.
-Муьлха дакъа долийна вай учебникан?
-Стенах лаьцна ду иза?
-Муьлха дийцар дийшира вай тахана?
-Мила ву цуьнан автор?
7. Ц1ахь бан болх балар.
Шера д1адеша М. Пришвинан дийцар "Сан Даймохк"
Страницы: << < 1 | 2 | 3